أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِأَصْحَابِ الْفِيلِ (1)

Хьуна ца гира‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобучо пилан дайх?

أَلَمْ يَجْعَلْ كَيْدَهُمْ فِي تَضْلِيلٍ (2)

Церан мекарло тиларчохь ца хилийтира Цо?

وَأَرْسَلَ عَلَيْهِمْ طَيْرًا أَبَابِيلَ (3)

Царна тIедахийтира Цо олхазарийн жIуга.

تَرْمِيهِمْ بِحِجَارَةٍ مِنْ سِجِّيلٍ (4)

Цара кхиссира царна багийначу поппаран тIулгаш.

فَجَعَلَهُمْ كَعَصْفٍ مَأْكُولٍ (5)

Цо хилийтира уьш /бежнийн/ Iийшина докъар санна.